1936 шо

Хилларш

  • Ӏаьнан, Аьхкен Олимпийн ловзарш 1936 Германехь.
  • Чёрч Алонзо кхоьллина лямбда-ларар.
  • 6 январехь — АЦШ дӀадаьккхина Юьртабахам лелоран закон.
  • 12 январехь — кхоьллина спортан юкъаралла «Локомотив».
  • 15 январехь — Испанин аьру партеш а, профсоюзаш а кхоьллира харжамашна коалици Халкъан фронт[1].
  • 20 январехь — Сандрингемехь велла Йоккхачу Британийн паччахь V Георг. Ӏарш кхаьчна цуьнан кӀантана VIII Эдуардан[2].
  • 30 январехь — 1936 шарахь бӀаьста парламентан харжамаш дӀабахьа коьллина йолу Мисран ханна йолчу правительствон куьйгалхо хӀоттийна Ӏали Махир-паша[3].
  • 3 февралехь — болх болийна Каман целлюлозан-кехатан комбинато.
  • 16 февралехь — Испанехь парламентан харжамашкахь Халкъан фронтан (аьру партийн коалици) кхаьчна 256 меттиг аьтту партийн 165 меттиган дуьхьал, 52 меттиг бу центристийн партийн[1].
  • 17 февралехь — йолаелла буьрканца ловзу хоккейн ССРСн I чемпионат.
  • 2 мартехь — Вашингтонехь куьйгаш яздина барт кӀела, цуьнца Панамо юхадаьккхира АЦШ иза паргӀатъяларехь гаранти яларан дош, ткъа АЦШ юхаоьцу шайн декхар низам латторехь коьртачу гӀалахь Панамехь а, Колон гӀалахь а[4].
  • 4 мартехь — дуьххьара тӀемадаьлла дирижабль «Гинденбург».
  • 7 мартехь — Германис цхьана агӀора бохийра 1925 шеран Локарнан барт. Германин эскарш Версалан барт а бохош лецира демилитаризаци йина Рейнан область[5].
  • 19 мартехь — йохк-эцаран а, экономикан а барт бина Италис а, Албанис а[6].
  • 23 мартехь — Австрин федералан канцлер волчу Шушниг Курта Римехь куьг яздина кхин тӀе долчу протокол кӀела, оцу протоколца Австрис цхьанне а Дунайн пачхьалкхашца дагабевр бац Италин ца хууш[7].
  • 29 мартехь — Германин парламентан харжамашкахь 99 процент кхаж белла нацистийн партин официалан кандидатан.
  • 14 апрелехь
    • кхераме зулам хилира Палестинехь. Ӏарбоша жугтий а бойуш, церан бахамна талораш дира.
    • Мадридехь республика кхайкхийна шо кхочарна лерина парад йолуш пачхьалкхан куьйгалхой байа гӀиртира аьтту эпсарш, амма церан аьтту ца белира[8].
  • 26 апрелехь а, 3 майхь а — Францехь харжамашкахь толам баьккхина Халкъан фронт партино.
  • 28 апрелехь — велла Мисаран паччахь Ахьмад Фуад I. Ӏарш дӀалаьцна цуьнан кӀанта I Фарука[9].
  • 5 майхь — италин эскарша дӀалаьцна Эфиопин коьрта шахьар Аддис-Абеба, цул тӀехьа ШолгIа италин-эфиопин тIом чекхбаьлла[10].
  • 9 майхь — Мисаран премьер-министр хоьттина харжамашкахь тоьлла йолу Вафд партин хьалхаваьлла волу Мустафа ан-Наххас, цуо хийцина Iали Махир[9][11].
  • 12 майхь — Испанехь кхоьллина Халкъан фронтан шолгӀа правительство, цуьнан куьйгалле хоьттина Аьруреспубикан партин декъашхо Касарес Кирога Сантьяго[12].
  • 16 майхь — Боливехь тӀеман тӀекӀалтохар хилла. Президент волу Техада Хосе Луис дӀаваьккхина. Ӏедале еана подполковникан Буш Херманан хунта[13].
  • 22 майхь
    • Боливин президент хоьттина эскаран Инарлан штабан куьйгалхо полковник Торо Хосе Давид. «Социалистийн милитаризман» муьран юьхьиг[13].
    • Йолаелла клубийн командашна юкъара хьалхара ССРСн футболан чемпионат, чекхъяьлла 17 июнехь.
  • 27 майхь — араяьлла ССРСн ЦКХКн Президиуман Постановлени «ГӀалийн, кӀоштан центрийн, юртийн, цӀерапоштнекъан станцийн цӀераш хийцар сацор» аьлла йолу[14].
  • 1 июнехь — италера Муссолини Бенитон правительство Эфиопи, Эритрей, Италин Сомали цхьанатоьхна Италин Малхбален Африка колони йира[10].
  • 11 июнехь а, 12 июнехь а — керла французийн правительство законаш тӀеийцира коллективан бартах а, шина кӀиранан хӀора шеран алап луш йолу отпусках ( Кеп:Lang+link) а, 40-сахьтан белхан кӀирнах а лаьцна.
  • 17 июнехь — Соьлжа-гӀалахь йиллина Оьрсийн драматически театр.
  • 22 июнехь — Монтрёхь конференци йолаелира, цигахь тӀеийцира хидоькъен статусах лаьцна йолу Монтрён Конвенци, Босфор а, Дарданелла а чухула чекхбовларан низам хоттош.
  • 27 июнехь — араяьлла ССРС Центран кхочушдаран комитетан а, ССРСн Халкъан Комиссарийн Советан а « Аборташ ца магор, бер динчу нанна гӀо алсамдаккхар, бакхий доьзалашна пачхьалкхан гӀо дар, доьзалхобаран цӀенойн а, берийн цӀенойн а маша шорбар, алименташ ца токхучарна Ӏедалан та1зар дар, законашкара цхьаболу хийцамаш зуда йитарх» цӀе йолу Постановлени[15].
  • 28 июнехь — Испанехь референдумехь магийна Галисин автономин проект[16].
  • 3 июлехь —ССРСехь кхоьллина ССРСн ЧГIХК белхалой-ахархойн милицин юкъахь Пачхьалкхан автомобилийн инспекци (ПАИ, хӀинца Российн ЧГIМн некъалеларан кхерамазалла латтон Департамент).
  • 4 июлехь — араяьлла ШКП(б) ЦК постановлени Халкъан дешаран комиссариатан системехь педологин талхадаршах аьлла йолу. Педологи кхайкхийна «реакционни харц Ӏилма», иза дӀаяьккхина советийн ишколин системера[17].
  • 9 июлехь — коьллина Латвин къинхьегаман кегийрхойн Союз[18].
  • 11 июлехь — Австрис а, Германис а барт бира, Германис Австрин Ӏаткъам барах лаьцна[7].
  • 12 июлехь — Мадридехь аьттучара вийна лейтенант-республикахо Хосе дель Кастильо. Масех сахьт даьлчи республиканхоша вуьй монархистийн тхьамда Кальво Сотело Хосе. Инциденто аьтту инарлаш Испанийн республикан тӀеман дуьхьало яре тотту[19].
  • 17 июлехь — Испанера гражданийн тIом: Испанийн Мароккохь Франко Франсиско куьйгаллехь волуш тӀеман бунт ойу, лозунг дин а, гӀиллакхаш а лардар йолуш[20].
  • 18 июлехь — Испанера гражданийн тӀом: гӀаьттинчу эскаро дӀалоцу Кадис а, Севилья а. Халкъан фронтан партеш халкъе герз дӀало олу. Сантьяго Касареса Кирогин Правительство дарж охьадуьллу[20].
  • 19 июлехь — Испанера гражданийн тӀом: кӀезиг ханна премьер-министран даржехь хиллачу Мартинес Баррио Диегос дарж охьадиллича, Испанин республикахойн куьйгалле вогӀу аьру республиканхо Хираль Хосе. ГӀаьттинчу эскаран карахь хӀинцале пачхьалкхан 23 гӀала хуьлу[21].
  • 20 июлехь — Испанера гражданийн тӀом:испанин бунтахойн тхьамда инарла Санхурхо Хосе Португалера Бургосе вогӀуш авиацин катастрофехь велла[22].
  • 23 июлехь 
    • Испанехь Каталонин Коммунистийн парти а, Испанийн социалистин белхалойн парти Каталонин федерацин а, Каталонин пролетарийн парти а цхьанатоьхна кхоьллина создана Каталонин цхьанатоьхна социалистийн парти[23].
    • Соьлжа-гӀалахь музыкан техникум схьайиллина.
  • 29 июлехь — кхоьллина Кхазакхийн АССРн Кустанайн область[24].
  • 2 августехь — Испанера гражданийн тӀом:Францин правительство Испанин гражданийн тӀеман арахьара юкъа ца гӀертар кховдадо[25].
  • 4 августехь — Грецехь инарла Метаксас Иоаннисан диктатура хоттийна[2].
  • 6 августехь — Испанера гражданийн тӀом: Испанин Примаса кардинала Гома-и-Томас Исидрос тӀемлойн агӀо лоцу «цӀечарна дуьхьал жӀарийн тӀелатар» кхайкхадо[26].
  • 8 августехь — Испанера гражданийн тӀом:гӀаьттинчу эскаро дӀалаьцна Бадахос[27].
  • 11 августехь — Цийхь Чан Кайши коьртехь волу гоминьданийн эскарша дуьххьара 1926 шарахь дуьйна чудогӀу Гуанчжоу.
  • 24 августехь — Германехь юкъадаьккхина 2 шеран тӀеман гӀуллакхан декхар.
  • 25 августехь —Москвохахь «Антисоветийн цхьанатоьхна троцкистийн-зиновьевн центран» гӀуллакхца кхелйина байина Зиновьев, Каменев кхин а баккхийра большевикаш а.
  • 26 августехь — Лондонехь ингалс-мисаран барт бина, цуо мисаран агӀонан бакъонаш шорйина[28][29].
  • 3 сентябрехь — Испанера гражданийн тӀом:гӀаьттинчу эскаро Талавера де ла Рейна дӀа а лаьцна, тӀекхаьчна Мадрид йистте Хосе Хиралан Правительство дӀасахецаелла[27].
  • 4 сентябрехь — Испанера гражданийн тӀом:республиканхойн Испанин керла правительство кхоьллина социалистийн тхьамдано Ларго Кабальеро Франсискос[27].
  • 8 сентябрехь — Португалехь Португалийн коммунистийн партис кхоьллинайолу флотан Революцин кхолламо, гӀаттам бина тӀеман-хӀордан флотан «Афонсу ди Абукерке» а, «Дау» а, «Бартоломеу Диаш» а кеманаш тӀехь. Совцийна[30].
  • 9 сентябрехь — Испанера гражданийн тӀом:Лондонехь болх болийна Испанин гIуллакхашна юкъа ца гIертаран комитето, оцу юкъа ягӀара 27 пачхьалкх, ССРСца цхьаьна[25].
  • 1 октябрехь — Испанера гражданийн тӀом:националистийн боларан тхьамда хаьржина волу инарла Франсиско Франко Бургосехь пачхьалкхан коьртан дарже хоьттира[22]. Мадридехь кортесаш тӀеийцира Баскийн пачхьалкхан Статут, цунна автономи елира[27].
  • 7 октябрехь — Испанера гражданийн тӀом: ССРС кхайкхадо, шаьш мукъа ду Испанин гӀуллакхашна юкъа ца гӀертаран бартах, нагахь иза кхечу пачхьалкхаш бохош хилахь олий. Кестта Испанийн республикан гӀоьнна герз а, советийн тӀеман хьехамчаш а богӀуйту[31]. Бильбаохь кхоьллина Баскийн пачхьалкхан автономин правительство[27].
  • 17 октябрехь — болаелла Алжирин коммунистийн партин шина кӀиранан кхолламан гулам[32].
  • 25 октябрехь — Германин а, Италин а Берлинан бартаца кхоьллина «Берлин-Рим сема».
  • 30 октябрехь — инарла Бакром Сидкъи коьртехь волу Иракъера тӀеман тӀекӀалтохар. Ясин Паши аль-Хашими Правительство дӀасахецна, кхоьллина «къоман реформийн кабинет» коьртехь националистийн «Аль-Ахали» кхолламан декъашхо волу Хьикмет Сулейман а волуш[33].
  • 3 ноябрехь — АЦШ президентийн харжамаш. Волуш волчу президенто Рузвельт Франклина шолгӀа а толам баьккхина.
  • 6 ноябрехь — Испанера гражданийн тӀом:Испанин республиканхойн правительствос Мадрид а йитина Валенси дӀаяхна[8].
  • 7 ноябрехь — Испанера гражданийн тӀом: Франсиско Франкон эскарш Мадридан йисташкара меттигаш дӀалаьцна. ХӀеттахь дуьйладелира Испанин коьрта шахьар къуьйсу тӀемаш[27].
  • 16 ноябрехь — Йоккхабританин паччахьо VIII Эдуарда шозлагӀа марехь йолу (дӀасакъастаран процесс чекхъяьлла 1937 шеран 3 майхь) АЦШ гражданка йолу Симпсон Уоллисах шен зудаян валлар дӀакхайкхийна.
  • 18 ноябрехь — Германис а, Италис а кхайкхийна Испанера Франкон правительство къобалъяр[34].
  • 25 ноябрехь — Германис а, Япона Антикоминтернан пакт кӀела куьг яздина, цуьнца цхьаьна тӀелаьцна дуьненаюкъара коммунизман дуьхьала ницкъ латто.
  • 25 ноябрь — 5 декабрь — Москвохахь дӀабаьхьна тӀеххьара ССРС Советийн гулам, цуо тӀеэцна керла ССРС Конституци. Конституцица Советийн Союзан пачхьалкхан Ӏедалан лакхара меже Советийн гуламан метта ССРС Лакхара Совет хилира[35].
  • 5 декабрехь
    • ТӀеэцна сталинан ССРС Конституци.
    • ДӀаяьккхина Чоьхьара Кавказан Социалистийн Федеративан Советийн Республика. Азербайджан, Эрмалойчоь, Гуьржийчоь шешша юкъаягӀна ССРС декъа[36].
    • Горькийн мехкан, Малхбале-Сибрехан мехкан, Кировн мехкан, Куйбышевн мехкан, Сталинградан мехкан, Къилбаседан мехкан, Саратовн мехкан статус дӀа а яьккхина царех РСФСР областаш йина[37].
    • Нохч-ГӀалгӀайн автономин областах Нохч-ГӀалгӀайн АССР йина.
  • 11 декабрехь — Йоккхабританин паччахьа VIII Эдуарда паччахьаллал дитина.
Other Languages
Аҧсшәа: 1936
Afrikaans: 1936
Alemannisch: 1936
አማርኛ: 1936 እ.ኤ.አ.
aragonés: 1936
العربية: 1936
مصرى: 1936
asturianu: 1936
авар: 1936
Aymar aru: 1936
azərbaycanca: 1936
башҡортса: 1936 йыл
Boarisch: 1936
Bikol Central: 1936
беларуская: 1936
беларуская (тарашкевіца)‎: 1936
български: 1936
भोजपुरी: 1936
Bahasa Banjar: 1936
বাংলা: ১৯৩৬
বিষ্ণুপ্রিয়া মণিপুরী: মারি ১৯৩৬
brezhoneg: 1936
bosanski: 1936.
català: 1936
Mìng-dĕ̤ng-ngṳ̄: 1936 nièng
Cebuano: 1936
کوردی: ١٩٣٦
qırımtatarca: 1936
čeština: 1936
kaszëbsczi: 1936
Чӑвашла: 1936
Cymraeg: 1936
dansk: 1936
Deutsch: 1936
Zazaki: 1936
dolnoserbski: 1936
Ελληνικά: 1936
emiliàn e rumagnòl: 1936
English: 1936
Esperanto: 1936
español: 1936
eesti: 1936
euskara: 1936
estremeñu: 1936
suomi: 1936
Võro: 1936
føroyskt: 1936
français: 1936
arpetan: 1936
Nordfriisk: 1936
Frysk: 1936
Gaeilge: 1936
Gagauz: 1936
贛語: 1936年
Gàidhlig: 1936
galego: 1936
Avañe'ẽ: 1936
Gaelg: 1936
客家語/Hak-kâ-ngî: 1936-ngièn
עברית: 1936
हिन्दी: १९३६
Fiji Hindi: 1936
hrvatski: 1936.
hornjoserbsce: 1936
Kreyòl ayisyen: 1936 (almanak gregoryen)
magyar: 1936
Հայերեն: 1936
interlingua: 1936
Bahasa Indonesia: 1936
Ilokano: 1936
Ido: 1936
íslenska: 1936
italiano: 1936
日本語: 1936年
la .lojban.: 1936moi
Basa Jawa: 1936
ქართული: 1936
Kabɩyɛ: 1936
қазақша: 1936 жыл
ಕನ್ನಡ: ೧೯೩೬
한국어: 1936년
къарачай-малкъар: 1936 джыл
Ripoarisch: Joohr 1936
kurdî: 1936
коми: 1936-ӧд во
kernowek: 1936
Кыргызча: 1936
Latina: 1936
Lëtzebuergesch: 1936
лезги: 1936 йис
Limburgs: 1936
Ligure: 1936
lumbaart: 1936
lingála: 1936
lietuvių: 1936 m.
latviešu: 1936. gads
मैथिली: १९३६
Basa Banyumasan: 1936
Malagasy: 1936
олык марий: 1936
Māori: 1936
Baso Minangkabau: 1936
македонски: 1936
മലയാളം: 1936
монгол: 1936 он
मराठी: इ.स. १९३६
кырык мары: 1936 и
Bahasa Melayu: 1936
မြန်မာဘာသာ: ၁၉၃၆
эрзянь: 1936 ие
Dorerin Naoero: 1936
Nāhuatl: 1936
Napulitano: 1936
Plattdüütsch: 1936
Nedersaksies: 1936
नेपाली: सन् १९३६
नेपाल भाषा: ई सं १९३६
Nederlands: 1936
norsk nynorsk: 1936
norsk: 1936
Novial: 1936
Nouormand: 1936
Sesotho sa Leboa: 1936
occitan: 1936
Livvinkarjala: 1936
ଓଡ଼ିଆ: ୧୯୩୬
Ирон: 1936-æм аз
ਪੰਜਾਬੀ: ੧੯੩੬
Kapampangan: 1936
Papiamentu: 1936
पालि: १९३६
polski: 1936
پنجابی: 1936
português: 1936
Runa Simi: 1936
română: 1936
русский: 1936 год
русиньскый: 1936
саха тыла: 1936
sardu: 1936
sicilianu: 1936
Scots: 1936
سنڌي: 1936ع
davvisámegiella: 1936
srpskohrvatski / српскохрватски: 1936
සිංහල: 1936
Simple English: 1936
slovenčina: 1936
slovenščina: 1936
Soomaaliga: 1936
shqip: 1936
српски / srpski: 1936
Seeltersk: 1936
Basa Sunda: 1936
svenska: 1936
Kiswahili: 1936
தமிழ்: 1936
తెలుగు: 1936
tetun: 1936
тоҷикӣ: Соли 1936
ไทย: พ.ศ. 2479
Türkmençe: 1936
Tagalog: 1936
Tok Pisin: 1936
Türkçe: 1936
татарча/tatarça: 1936 ел
reo tahiti: 1936
удмурт: 1936 ар
українська: 1936
اردو: 1936ء
oʻzbekcha/ўзбекча: 1936
vèneto: 1936
Tiếng Việt: 1936
West-Vlams: 1936
Volapük: 1936
walon: 1936
Winaray: 1936
хальмг: 1936 җил
მარგალური: 1936
ייִדיש: 1936
Yorùbá: 1936
Zeêuws: 1936
中文: 1936年
Bân-lâm-gú: 1936 nî
粵語: 1936年