Тираж

Nuvola apps bookcase.svg

Тира́ж (фр. tirage) — цхьа цӀе йолчу зорбанан арахецаран экземплярийн барам бу. Термин лелайо коьртаниг арахецаран гӀуллакхна, амма наггахь «тираж» бохучу дашо билгалбоккху кхечу кхолламийн барам а, масала кинематографера фильман копийн тираж.

Муьран арахецарийн (газеташ, журналаш) тираж арахоьцучара уьш яздинчеран бараме хожжий билгалйоккху (оцу тӀе розницехь духкурш а туху); жайнин, брошюрин, кхин долчунан а тираж хӀоттайо арахоьцучара дешаран хьаштога хьаьжжина. Тиражаш йоькъу кегийрачарна (15 эзар экземпляре кхаччалц), юккъерчарна (100 эзар экземпляре кхаччалц), массийнчарна (100 эзар экземпляр сов). Массийн тиражаш полиграфин белхийн барам боккха хилар бахьна долуш дукха хьолахь завод олучохь дакъошкахь зорбатуху.

Цхьа йолу литературан кеп арахоьцуш арахецаран тиражо авторан гонораран барам а хуьйцу шега терра. РФ «Авторан бакъох а, цаьрца хӀоьттина йогӀучу бакъонех а» цӀе йолчу законо боху авторца бинчу барта тӀехь максимум тираж гайта, нагахь барто авторан кхаъ билгалбаьккхинчу барамца бийцахь.

Other Languages
العربية: انتشار الصحف
azərbaycanca: Tiraj
беларуская (тарашкевіца)‎: Наклад
català: Tiratge
dansk: Oplag
eesti: Trükiarv
فارسی: شمارگان
suomi: Levikki
Bahasa Indonesia: Tiras
日本語: 世界の新聞
қазақша: Таралым
Nederlands: Oplage
română: Tiraj
русский: Тираж
svenska: Upplaga
Türkçe: Tiraj
українська: Наклад
oʻzbekcha/ўзбекча: Adad