Берлинан университет

Кеп:Университетан карточка Гу́мбольдтан цӀарах йолу Берли́нан университе́т ( нем. Humboldt-Universität zu Berlin, доцца HU Berlin, лат. Alma Mater Berolinensis) — Берлинан ширачу университетех еаннах цхьаъ. Кхоьллина 1809 шеран 16 августехь фон Гумбольдт Вильгельма дӀадолорца. 1828 шарахь цӀе елира Вильгельм Фридрихан университет аьлла пруссин паччахьан Вильгельма III Фридрихан цӀарах, цуьнан пачхьалалла долчу хенахь кхоьллинадела; 1949 шарахь цӀе хийцина Гумбольдт вежарийн цӀарах.

Университетехь дешар дӀадолийна 1810 шарахь, оцу хенахь дӀаэцнера 256 студент. 2008 шарахь уьш хилира 34 612.

XIX бӀешарахь университет яра европан Ӏилман центрех яккхийчех цхьаъ.

Истори

Генрих принцан гIала, Берлинан университетан коьрта гӀишло ю Унтер-ден-Линден тӀехь

Хьохуш дара юристийн, медицинан, философин, теологин факультеташкахь. Ӏаламан Ӏилманаш оцу хенахь философин факультетан дакъа дара. Дуьххьарлера ректор хилира Шмальц Теодор.

Университет кхолла хьалхабевлларш бара оцу хенан гӀарабевлла Ӏилманчаш, уггар хьалха философ Фихте Иоганн Готлиб а, теолог Шлейермахер Фридрих а.

Шлейермахеран ойланийн Ӏаткъамца дипломат а, меттан говзанча а волу фон Гумбольдт Вильгельма кхоьллира университетан концепци. 1809 шарахь февралехь дуьйна Гумбольдт шарахь хилира Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон дешаран декъан хьаькам. Цуьнан Ӏалашо яра керла дешаран система юкъаяккха. Цуьнан концепцин коьрта постулат хилира дешаран а, талламан белхийн а луьста уьйр.

Гумбольдтан ойланашца болу университетан дуьххьарлера профессораш хилира Бёк Август (филологи), Тэер Альбрехт (юьртбахам), фон Савиньи Карл Фридрих (юриспруденци), Хуфеланд Кристоф Вильгельм (медицина), Риттер Карл (географи).

Университетан елира еса лаьтта, 1748— 1766 шерашкахь йина Генрих принцан гIала. Дуккха а юхайина оцу хенахь дуьйна гӀишло, тахана университетан коьрта корпус ю.

Массара а лелош долу Ӏилманаш алсама доллушехь: археологи, филологи, истори, медицина, теологи, университетехь кхуьура дуккха а Ӏаламийн Ӏилманашна юкъара керла Ӏилманийн некъаш. И дика, уггар хьалха, фон Гумбольдт Александрах, университет кхоьллинчун вешех делира. XIX бIешеран шолгӀачу декъехь кхолла болийра керла талламан а, дешаран а кхолламаш. Иштта гӀарабевлла болу химик фон Гофман Август Вильгельм, физик фон Гельмгольц Герман, математикаш Куммер Эрнст Эдуард, Кронекер Леопольд, Вейерштрасс Карл; лоьраш Мюллер Иоганн Петер, фон Грефе Альбрехт, Вирхов Рудольф, Кох Роберт университетан Ӏилман сий айира Германин генна арахьа а.

ГӀалахь кхоллабелира кхин а университетан юкъабогӀу кхолламаш.

1810 шарахь дӀайиллира университетан медикан-хирургин клиника, тӀаккха 1816 шарахь бердаран цӀа, цунах 1882 шарахь хилира дуьххьарлера зударийн клиника.

Университетан 1810 шарахь дуьйна болу Ӏаламан-историн гуламан 1889 шарахь шайна гӀишло елира, тахана — Ӏаламдовзаран музей. 1790 шарахь коьллина ветеринарин ишкол хилира ветеринарин медицинан коьрта факультет, ткъа 1881 шарахь кхоьллина Лакхара юьртбахаман ишкол — юьртбахаман факультет.

ТӀом чекхбаьлча Берлинан университет дӀаеллар. 1946 шеран 29 январь.

Къоман-социализман хан йолаелира Берлинан университетехь жугтех бевлла Ӏилманчашна а, студенташна а диффамаци еш. Жугтийн профессорийн лекцешка боьлхуш бацара, боьлхучарна ницкъ бора. Режиман тешаме боцу профессораш хьийзабора. Университетан белхалоша а, дешархоша а 1933 шеран 10 майхь жайнаш дагорехь дакъалацар эхь хилира университетан. Цул тӀехьарчу шерашкахь къоман-социалисташ дӀабехира кхоалгӀа дакъа белхалой, дукхаха болу Ӏилманчаш а, студенташ а дӀакъаьстира хьалха гуманистийн центр хиллайолу университетах.

1946 шеран январехь университет юха дӀайиллира. Дешар дара ворхӀ факультетех гӀеххьа тӀамо йохийначу гӀишлош чохь, цул тӀехьа дӀайиллира экономикан а, педагогикан а факультеташ. 1948 шарахь Малхбуза Берлинехь кхоллаелира Берлинан паргIата университет, цига дехьабевлира Берлинан университетан советийн режиман реза боцу студенташ.

1949 шарахь Берлинан университет Гумбольдтан цӀарах хилира. ГДР уггар йоккхачу университетехь доьшуш вара 1990 шо кхачале 150 эзар гергга студент. Цигахь хьоьхуш бара дуьненна бевзаш болу Ӏилманчаш.

Германи цхьанатоьхначул тӀехьа Берлинехь 4 университет яра. Цунна реформа а йина, университетан некъ хийцира.

1994 шарахь дуьйна университетехь ю цхьайтта факультет а, масех Ӏилманаш юкъара центраш а, институташ а. Университетехь дешар сийлахь хилла, иштта, масала, Ӏаьнан семестрехь абитуриентийн барам хилира 25 750 стаг 3 455 дешаран меттиган. Дешаран корпусаш Берлинан юккъехь, Адлерсгофехь, Берлинан къилбаседан декъехь ю. 14 % студенташ 100 сов пачхьалкхашкара бу. Дешаран мах 2008—2009 шеран Ӏаьнан семестрехь хилира 242,68 евро, оцу юкъахь новкъан билетан мах а бу.

2006 шарахь университето йолийна он-лайнехь деша дӀаэцаран кехаташ чуэца.

Университет гергарло леладо дуьненан массо а меттигерчу 170 сов Ӏилманан кхолламашца.

Other Languages
Bahasa Indonesia: Universitas Humboldt Berlin
srpskohrvatski / српскохрватски: Хумболтов универзитет у Берлину
oʻzbekcha/ўзбекча: Berlin universiteti